РЕГИОНАЛЬНИ КЪОВСАМАН МУНИЦИПАЛЬНИ Т1ЕГ1А «НОХЧИЙН МЕТТАН ТОЬЛЛА КАБИНЕТ»

30.03.2023

2023 шо - Нохчийн меттан шо аьлла, д1акхайкхина ду Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цу т1е доьг1на республикехь д1ахьош дуккха а белхаш бу.

Бекарг беттан 23-чу дийнахь Хьалха-Мартан муниципальни к1оштан дешаран хьукматашкахь д1абаьхьира «Нохчийн меттан тоьлла кабинет» къовсам.

Къовсаман толамхой:

Хьалхара меттиг – Хьалха-Марта г1алин № 9 йолу йуккъера школа;

Шолг1а меттиг – Гих-Чуьра йуккъера школа; Хьалха-Марта г1алин №1 йолу йуккъера школа;

Кхозлаг1а меттиг – Хьалха-Марта г1алин №10 йолу йуккъера школа; Алхан-Юьртара №2 йолу йуккъера школа.

Хьалха-Мартан муниципальни к1оштан дешаран отделан пресс-служба

Источник: public_news